МИНИСТЕРСТВО КУЛЬТУРЫ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЛЬТУРИН МИНИСТЕРСТВО
Официальный сайт

Культура кхиарна а оьшу культура

15.08.2017

Чохь а, арахь а, дIасадахан чохь бевза-безаршна юкъахь а сих-сиха хеза вайна нохчийн кхузаманахьлерачу иллешна, эшаршна, мукъамашна гонах лелаш долу лехаме къамелаш. И дика а хета. ХIунда аьлча, сица а, ойланца а  нохчо верг, шен къоман музыкан хазнаш евзаш а, езаш а, церан сий-пусар деш а хир ву. Я даггара церан бала кхочуш.

Цхьанна а къайле ма яц, вайн уггаре дика амалш, тоьлашха долу гIиллакхаш, Даймахке, нене, хьомсарчу халкъе, малхал хазчу йоIе болу безам, доттагIаллин тешам, уьйрийн марзо кхиош, ойъуш, язъеш, церан маьIнин кIорге йовзуьйтуш леларш – даима нохчийн иллеш а, мехкарийн эшарш а, иштта Делан Ислам-динах йолу чулацаме назманаш а хилар.

            Нагахь кIеззиг хьалха, ахьа хIуъа лекхча а, дIааьлча а, кхачаме хеттехь, тахана муьлххачу а произведенин хазалла а, шен буха тIехь и илли я йиш яьккхинчу дешнийн кIорге а, исбаьхьаллин маьIна а довза, церан гомха я кIорга чулацам баста гIерта нах. Церан хьежам а, халкъан музыках болу кхетам а, дахаран лехамаш а кхиарца доьзна ду и. Я Нохчийчохь леллачу кхаа тIамо адамийн дегнашна йина чевнаш ерза, муо лаца йоларца.

           Герггарчу хьесапехь аьлча, шовзткъа а хир вацара Советан заманахь республикан коьртачу сцени тIе волуш хилла профессиональни иллиалархо, йишлакхархо.  Тахана уьш бIеннашкахь багарбелла а ца Iа. Цхьана агIор дика а хета и – къоман культура езаш болчийн терахь алсам ма доккху цо. Вукху агIор – вуон. Къоман иллех, эшарех кхетам ца хиларал сов, йиш лакха а, илли ала а оьшу аз доцчу наха йоккха Iала-гIожа йина адамашна юкъахь. Нийса аьлча, профессионалийн ларам бойъуш лаьтта самодеятельни тIегIане а ца кхочучу «артисташа».        

           Вай дустуш, аьлча, Советан Iедал долуш республикехь дIаязйина хилла музыкан произведениш ах эзар а хир яцара. Тахана вайна юкъахь лелачийн юкъара терахь ткъе итт эзарнал а совъиккхина. Цу хенахь церан дикаллин гайтам – хIетахь хиллачун итт проценте а ца кхочу.                        

           Иштта халахеташ ду, къоме хаттар я алар доцуш, вайн заманахь юкъабевллачу къоначу иллиалархоша, йишлакхархоша нохчийн дечигпондар а, кехатпондар а сцени тIера охьабаккха хьийзор. Ткъа оцу а, къоман кхечу а музыкан гIирсашна а, вотанна а йогIу меттиг – арахьара чуеъначу кхузаманан оргтехникина дIаяла йолийна.

           Тахана вайн махкахь кхуллучу иллешна, эшаршна (царех иштта ала тарлахь) юкъахь дукха ца карайо, нохчийн къоман хотIехь язйина музыкан произведениш. «ТIеман шерашкахь Россин мохк мел бу бовдийна лелийначу кегийрхошна кхечу къаьмнийн мукъамаша тIеIаткъам бар барамал тIехда-ларна ду и», – олу царех «къахета» луучу дайша-наноша.

          Дуьне дохар а, бахьана дац, нохчо волчу нохчочунна (йоIана а, кIантана а) шен къоман иллин, эшарийн, башхачу мукъамийн сийлахь деза хатI, цхьана а кхечу къоман бустамца хийца. И боху Нохчийн Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а, вайн культуран министра Дааев Буарин Хож-Баудис а. Я, нохчийн йоцу, нохчийн маттахь язйина произведени нохчийн республикан профессиональни сцени тIе а, радио, теле эфире а ма ялийта, нохчийн музыкан произведени ю алий.    

             Мехкан Куьйгалхо коьртехь а волуш, 2014-чу шеран 19 июнехь «Нохчийн теле, радио компанийн эфир профессиональни а, къоман гIиллакх-оьздангаллин а лехамашна гергаялор» аьлла, дIаяьхьначу кхеташонан протокольни тIедиллар (№ 01-64) кхочушдеш, республикан культуран министран Х-Б.Б. Дааевн леррина долчу омрица вовшахтоьхна ю тхан экспертни тоба. Хьалха дийцина делахь а, юха кхин цкъа а билгалдоккху, и цензура цахилар. Шина дашехь аьлча, нохчийн музыкан произведенешкахь нохчийн хатI (нохчолла) лардайтар ю тхан Iалашо. Я вай лакхахь далийначу кхачамбацаршна дуьхьал кхачам боллуш къийсам латтор.

           Цхьа Iалашо йолуш бен кхуллуш ма яц музыкан хьовха, муьлхха кхийолу а произведени. Цуьнга терра, цхьа чулацам а, цхьа маьIна а, дийцаран, хастаман, лазаман я кхардаман кеп а хила йогIу цуьнгахь. Иштта, цунна тIехь ду ша дIаолучу я локхучу меттан да долчу халкъан гIиллакх-оьздангалла довзар а, лардар а. 

           Ша кхоьлличхьана, кIирнах шина дийнахь вовшахкхеташ схьайогIу тхан экспертни тоба (оршот, еара). Цуьнан декъашхой бу вайн махкал арахьа а дика бевза илланчаш, композиторш Даудов Рамзан, Усманов Iимран (Дала гечдойла, вайна юкъара дIавахана хIокху шеран 10-чу июлехь), Паскаев Рамзан, Мусхабов ИсмаIал, иштта хIокху могIанийн автор а. Кхузткъе итт эзар хилла а ца Iа таханлерачу дийне кхаччалц оха шайга ладоьгIначу музыкан произведенийн юкъара терахь (ширачу архивера а, керлачу архивера тоеш, тIеюьзна, дешнаш битаме далийна, аранжировка хийцина, нисйина, юхайохьурш а тIехь).

           Оцу сила йолчу произведенешлахь (дIаяханчу хенахь дIаязйинарш юкъара яьхча), дукха ца нисло нохчийн амалехь, нохчийн мукъамехь, шен маьIна, чулацам, кхин мел оьшург долуш, нохчийн нахана язйина. Йисинарш, дукха хьолахь, бух а, орам а, я чулацам а боцуш, еккъа цIена опусаш (еса произведенеш) ю. Хаийта боху: уьш ю тхан экспертни тобано халкъалахь яржо къобал ца еш ерш а.

           Ледарчу произведенешна радио, телевидене, йоккхачу сцени тIе кхочу некъ бехка хьан аьтто хиларх ма ца тоьу, уьш базаршкахь, ловзаршкахь, бахархойн хIусамашкахь, кегийрхойн машенаш чохь лоькхуш, шишан чуьра арахецна жин санна, яржош хилча. Иштта, шайн «авторски бакъонаш ларйо» шаьш бохуш, яьлла цIе санна Интернет чу йоху цара уьш.

           Цу балхо вайн бакъдолчу иллийн, даима шайн ларам болуш яьхначу эшарийн, башхачу мукъамийн юьхь кхолайо. Я нохчийн бакъйолчу музыках музыках хийрачу адамийн дог а доккху.

           Центральни телевиденин цхьа программа ю-кх «Бовза мукъам» («Угадай мелодию») цIе йолуш. Цига яьхна, шаьш стенах дуьйцу кхета таро йолуш, дукха произведениш карор яцара вайн къоначу иллиалархойн, йишлакхархойн репертуарашкахь. Цуьнан бахьана ду, вайн кегийрхой, дагIахь а, ца дагIахь а, муьлхха дешнаш хелхаран мукъаме дерзо гIертар. Я илли аларал, йиш лакхарал сов, сцени тIехь шайна цахуу хелхар дар а деза царна.

           Оцу кегийрхойн тидамера даьлла шайн буха тIехь илли я йиш кхуллучу дешнийн чулацам кIорггера маьIна долуш хила безар. Гуттар доьхнарг ду, студишкахь дIа а яздеш, адамашлахь даржош долчу иллешна, эшаршна мукъамаш бохучу а, царна аранжировкаш ечу а «говзанчийн» охIла цахилар (безграмотность). Ахьа теллича, ноташ хIун ю а ца хаьа царна. «Музыкальни хазар» (слух) дика ду боху шайн, цуьрриг эхь а ца хеташ.       

           И хазар «дика» хиларна юкъадаьлла ду къоначу иллиалархойх, йишлакхархойх дукхахболчара шаьш дIаолучу я дIалокхучу музыкан произведенешкахь нохчийн дешнаш нохчийн маттахь ца далор. Шайна аьттонна, мел ца тору чохь а, уьш дац а до, дах а до.  Иштта мел ца догIу чохь дешнийн тохар а (ударение) хIоттадо.          

           Масех де хьалха ду и. Аса лоруш йолу къона йишлакхархо еана вай долчу, ша мукъаме дерзадайтале, цхьа дешнаш гайта. 5 эзар сом делла эцна ду бохура уьш, Хорачара схьаваьллачу кIантана лерина хиларна. «… Сан хьоме харчо», – аьлла ялийна ю уьш яздинчо шайна юкъара тIедерзаран кеп. «Харчо»узбекийн а, Юкъарчу Азин кхечу къаьмнийн а маттахь чорпин тайпа ю. Вайн маттахь «…сан хьоме харачо», – аьла яздан а, дIаала а деза уьш.

           – ТIаккха «байтийн» барам цхьана дешдекъана (слогана) совболу кхузахь, – боху холчу яьллачу йишлакхархочо, – дIалокхуш, мукъаме берзо таро а ца хуьлу…

           Я, харачойн кIантах – «харчо» йина а, шайн кара сом деъчахьана, шек дIа ца бовлу цунна а, кхечу мисканашна а и тайпа гIурт бухкуш берш… 

          Оцу доллучух лаьцна лехаме къамел хилира дукха хан йоццуш республикан культуран министра Дааев Буарин Хож-Баудис дIаяьхьначу кхеташонехь.

          Къоначу илланчийн, йишлакхархойн, иштта хинболчу музыкан говзанчийн корматалла кхиорца боьзна болх жигарбаккха безаш хилар кхе-тийра министра. Цу тIехь хьан, мел хIун дина хаа, пачхьалкхан культуран кхерчийн куьйгалхоша кечйинчу отчеташка ла а дуьйгIира.

          Иштта, тхан экспертни тобанан декъашхошца хиллачу цхьаьнакхетарш-кахь а Мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а, вайн культуран министра Дааев Буарин Хож-Баудис а хадам боллуш схьахьедина ду: нохчийн профессиональни сцени тIехь дIаолу а, радио, теле эфире доху а къоман иллеш а, эшарш а, музыкан кхийолу произведенеш а шайга болчу лехамашна дуьззина жоп луш хила езар.

           Цундела, хьанна хIуъа хетахь а, вай къастам база девр дац: хьан, муха, стенна лерина я муьлхачу Iалашонца язйина ю адамийн тидаме юьллу муьлхха а музыкан произведени. Масала, Даймахках, Ненах яздина делахь, хьан са хьостуш, дог тедеш я хьоьга ойла йойтуш хила деза илли (йиш а). ДоттагIаллех, уьйрех, марзонех даьккхинехь – адамийн догцIеналла, хьанал, оьзда, гIиллакхе хилар, тешам, вовшашка лерам бовзуьйтуш.   

           Есачу, маьIна доцчу я гомха чулацам болчу байташ тIехь кхоьллина хIумма а хила ца деза вайна юкъахь. ХIунда аьлча, шен тахане маьIнех йохийначу халкъан, кхане хир ю ала ца тарло.

         Хьовсал, мел хаза, мел говза дустарш, эпитеташ, гиперболаш карайо вайна дайша шайл тIаьхьа ваьшна юкъахь барта даха дитинчу иллешкахь:

 

            «Дуьне дуьтуш, буза боьду дашо малх санна,

            Юрт юьтуш, юьртаха ма велир и Мадин Жаьммарза»,

            «Бухь бойна попа тIе дай куьйра ва санна,

            Дин хьаьвзаш ва хилла, ша дина ва хиъна»,

            «Туька юллал ва дари шен дегIа дерзийна»,

            «Децашна ша теба, гила борз ва санна»…

            «Терса-маймал дуткъа тур ша хьалха ва луьйзуш»…

            «И дуткъа ва иэраш шаьш юххехь ва цIийзаш»,

            «Чал дера герзашца, оьзда юкъ йихкина»,

             «Таллархочун ва тоьпо лацарна кхоьруш,

             Масане сай лела, гIелашца боцуш?…»

            

             Эхь деца вайна, дайн Iадат дохийча. Цу тIе, шен дохор доцуш, лардеш и тIекхиаде ма боху вайга Республикан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а, культуран министерствон куьйгалло а.

             Чекхъяьлла, тIамо хIаллакбина мехкан хьал-бахам, белхиш бина, меттахIотто гIерташ, тIех сихделла, са бага а кхаьчна, вай хьаьвдда, девдда лелла зама. ТIекхаьчна, шен доцу хIума, цунна охIла волчуьнга дIа а луш, хIорамма шен ницкъ кхочучу барамехь, шена богIу болх бар а хоржуш, долчун, доцчун барам узуш, нисбаза ца довлу хан. Я эткаш ечо, эткаш а еш, бIаьвнаш ян хуучо, гIишлош а югIуш, локъамаш ечара йинарчарна юкъахь а, тоьлларш бен локъмаш а ца юууш, дуьненан нах санна, вай ирсе деха зама.

             Цхьана а говзанче, шен говзаллех воха ца боху вай. Шен амал, шен политически хьежам бара аьлла, цхьана а дена дуьхьал харц дозанаш а ца детта. Амма, хадам боллуш дIабоху, иза милла велахь а, цхьана а дега вешан поэзи а, вешан музыкан культура а талхайойтур яц. Кхетош аьлча, поэзех кIорггера кхетам хила беза байташ язъеш волчун, царна тIехь илли я йиш кхуллучун – музыкальни хаарш, дIаолучун – илланчехь я йишлакхархо-чуьнгахь хила догIу аз.

             Дала декъалвойла Усманов Iимран. И дIаваьллачул тIаьхьа, доттагIчух къастар дазделла, хьере хилла, ойла метта яло, цуьнан иллешна тIехь таллам бан хиънера со. Дуй баа ваьхьар ма вара, жима волуш а, воккха хилча а, десачу дешнашна тIехь баьккхина цхьа мукъам цо адамашна хазийна ма бац аьлла. Хьан са хьаош, хьоьга ойла йойтуш, хьан дог  къондеш, хьоьгара гIайгIа а, бала а дIаоьцуш, баккъалла а хьан тешам болу накъост хуьлий, дIахIутту цуьнан муьлхха а илли. ХIаъ, шен чулацамца а, шен дешнийн маьIнин кIоргенца а, ша дIаолучу озаца а. Иштта, вайна ша атта кхетарца а. 

            Шайгахь поэзин сийлалла йолу дешнаш а яздора Iимрана, сирла, цIена, нохчийн пондаран буха тIера схьаболу мукъам а боккхура. ДIа мел дика олура а, вайна массарна хууш ду. ХIунда аьлча, иза профессиональни поэт а, профессиональни композитор а, халкъан илланча а вара.

            Мел чIогIа талламаш барх, I. Усмановн иллешкахь каро йовхо ца хаало вайна керла юкъабевллачу илланчех, йишлакхархойх дукхахболчийн произведенешкахь.

            Цундела ду аьлла хета цхьаболчу Iеламнаха илли алар, йиш лакхар Далла гергахь къилахь ду бахар а. Къилахь муха ца хуьлу, дуьйцург я ала гIертарг хIун ду а ца хууш, цхьа дош хьан лергана схьахезаш а доцуш, гIарIадош лоькхучу музыкана тIаьхьара Iехар.

            Делан Элчано (I.с.с.) суннатех суннат лийрина боху Даймохк, Нана, хьуо схьаваьлла Халкъ, адамийн Барт, Безам, Марзо, ДоттагIалла ларар. Цундела диэза вайна церан сийлаллех дуьйцу а, ваьшка а, вешан тIаьхьенашка а адамалла хиларе кхойкху а иллеш, эшарш. Цаьрга ларамца ладийгIина олу эвлаяаша а…

            Стохка хир ду и. Россин Центральни телевиденис вовшахтоьхначу цхьана передачехь къамел деш ву оьрсийн поэт Илья Резник. «Муха нисло хьан бевзаш болчу артисташца йолу юкъаметтиг?» – хоьтту дIахьош волчо. «ХIора произведенина яздинчу дешнех суна миллион сом ахча даларца», – хеза жоп. Ткъа вайна юкъахь барам боцуш дукха баьржинчу десачу дешнийн говзанчаша – 5 эзар соьмех юхку шайн «опусаш». Цуьнга терра бу-кх церан чулацам а…            

             Ойла ейша, И. Резникана цхьана эшаран байтех миллион сом ца дала, вайнчара лоькху гIурт ца язлуш бу Киркоров Филипп, Басков Николай, Леонтьев Валерий, Пугачева Алла, Ротару София, кхиберш. Дера бац, царна ладогIархоша гечдийр дац оьрсийн музыкан культура талхор. Вай хIунда могуьйту тIаккха, нохчийн иллеш, эшарш галъяха хьийзочарна гал мел долу дешнаш яздар?! Я вайна, оьрсашна шайнчул, йорах хета нохчийн музыкан культура?

             ХIан-хIа, вай ца боху, тахана вайна юкъахь къоман музыкаца бала болуш кхиъна говзанчаш бац. Дера бу. Цара дIаолуш алссам ду шайн чулацам, дешнийн маьIна долуш, вайн дог-ойла хьосту иллеш а. Масала, Межидов Сахьаб, Гадаев Валид, Домбаев Мохьмад, Шарпуди, Ризавди ИсмаиловгIар, Джамалдинов Ислам, Тунтаев Дукхваха, Эбиев Ильяс. Йишла-кхархошлахь билгалбаха лаьа Айдамирова Аймани, Кагерманова Раиса, Ташаева Марем, Ахмадова Амнат…

             Ала дашна, царех цхьа Эбиев Ильяс воцчун, репертуарехь карор яц ша даьхначу дешнаш тIехь кхоьллина музыкан произведени. ХIунда яц аьлла, хаттар хIутту кхузахь? Дера яц, царна иллин, эшаран маьIнин чулацаман сийлалла йовзарна, езарна. Я къомана хьалха а хIиттина, шаьш мукъаме дерзийна дIаолучу дешнех барам боцуш доккха жоьпалла хиларна. Шаьш хаьржина некъ царна дош хетарна а.

             ХIокху, оцу лоьрана тIегIо аьлча, цо харц диагноз хIоттийна, ша верна кхоьруш хуьлу вайх хIора а. Юург а, дикачу говзанчо йинарг бен ца юу. ТIаккха илли (йиш а) хIунда мега вайна, къамкъарг йоцчо аьлча а?

              Кхин цхьа хIума а ду, вай шена тIе тидам бахийтар оьшуш. Цхьана а кепара цунна оьшу хаарш а доцуш, баккхий яздархой, композиторш хилла, музыкан произведенех тарйина, кегийрхошна шайн еса я чулацам а, я маьIна а доцу «опусаш» юхкуш бу цхьа нах.

             Дош дацара, шайн цIарах догIу дешнаш далош, кхузахь махкана а, халкъана а ма-барра уьш дIа ца бовзийтича. Делахь а, цкъачунна хIоранца а тхан деъначу барта къамелах тоам бина, цIерш ца яха хьовсур ду вай. Оха царна кхетийна ма ду, шайна ледара хуучу нохчийн я оьрсийн маттахь, хIора дашехь шишша-кхоккха граматически гIалат а деш, иллешна а, эшаршна а хьакъ доцу йоза дан мегарг цахилар. Я дийца, далхо хьийзочун цхьана а кепара маьIна а, чулацам а боцуш.

             Вайн маттахь гал дIаяздиначу а, иштта мукъамехь нийса ца лекхначу а цхьана дашо, мел тоьлла а илли харцхьа доккху бохург, цхьанна а дийца оьшуш ца хета.

              Ешархошка доцург дуьйцу ца алийта, кхузахь ма-дарра долчу хьолехь (цхьа хьаьрк ца хуьйцуш) даладо керла ваьллачу цхьана автора мукъаме ерзийначу «байтийн» могIанаш (Д.Д.):

 

            «Ахьа соьга со веза аьлчи, хьо сайна реза юй хиича,

             йихара аса хьо, сан езар. Тешнабехк бира ахь суна.

             йихара аса хьо, сан езар. Тешнабехк бира ахь суна.

 

             припев

             Йиц ца луш лелара со хийла, ма гена йели хьо суна

             Хьайха тешаш волучу суна, хьоме йезар. Тешнабехк бира ахьа суна

             Йиц ца луш лелара со хийла, ма гена йели хьо суна

             Хьайха тешаш волучу суна, хьоме йезар. Тешнабехк бира ахьа суна

 

             Дахарехь хьо уллехь йолуш, ирс хьоьца лихира аса

             Къизачу кхолламо хьоьха ваьккхи со багабеш кийра

             Къизачу кхолламо хьоьха ваьккхи со багабеш кийра»

 

             Деккъа граматически гIалат 30 хилла а ца Iа кхузахь. Техника янне а яц. Хала ду ладогIархошна цо дийца юкъадаьккхинчун бух каро а. Илешка, эшаршка дерзочу дешнашка болу лехамаш бийцича а, эрна ду кхин охIла воцчу авторе.

             ХIун, муьлха ойла хьостур ю, са токхдийр ду я дог къондийр ду иштта бух, орам я чулацам боцчу дешнаша а, царна тIехь даьхначу иллеша а?

             Кхин гIоле хьал дац шуна, вай цкъачунна шайн цIерш ца йохуш битинчу кхечу «авторийн» дешнаш тIехь вовшахдиттинчу «иллешна», «эшаршна» гонах кхолладелларг а. Шу даха, цара ехаш ца йо къоман музыкан куьлтура. Мелхо а, къен, миска йина ца Iаш, адамашна хьалха сийсазйо. Я уьш девзинчу нехан дог ца доуьйту, бакъдолчу нохчийн иллешка, эшаршка ладогIа…

             Кхета, поэт цахиларх, цхьа хIума хазделлачохь я дазделлачохь цхьаъ, шиъ… итт байт язлур ю нохчийн дешан сийлаллех кхетачу муьлххачу йоIе а, кIанте а. Нагахь цуьнгахь цунна оьшу меттан хаарш делахь. Амма цунах, оьрсашна дайна, «поточни метод» а йина, дохка дешнаш язлур дац. Цунна, мел лаххара а профессиональни поэт хила веза (я еза) иза. И бехкам бу лакхахь цIерш ца йохуш битинчу «поэташка» вай кхийдош берг а. Цхьаъ, шиъ… илли я йиш нисъяларо, цхьанна а бакъо ца ло, цунах система а йина, кегийрхошна мехах шайн бух, бохь боцуш йолу «опусаш» йохка.

             Иштта, вай дехка деза культуран кхерчийн жоьпаллин белхахошна, шаьш вовшахъеттачу мероприятешкахь: «кхара язйина хIара байташ», – бохуш, царех цхьа поэташ а бина, берийн а, кхиазхойн а, баккхийчийн а, вайн говзанчаша теллина а, шайн исбаьхьаллин мах хадийна а йоцу, гомха произведенеш адамийн кхиэле яхкар.

              Дешнаш хьаьнг-хьаьнга а язлуш хилча, махко поэташ бу бохуш, лараме цIераш а тохкуш, шен исторехь билгалбаьхна хир бацара Мамакаев Мохьмад,  Гадаев Мохьмад-Салахь, Хатуев Iабдулхьамид, Ахмаров Рамзан, Гацаев СаIид, Дикаев Мохьмад, Рашидов Шаид, Усманов Iимран, кхиболу а исбаьхьчу дешан говзанчаш.

             ВогIучун а, воьдучун а нохчийн ша-тайпа мукъам кхолла ницкъ а кхаьчча,  халкъо и безаш теоьцуш а хилча, кхуьур барий нохчийн, Махкал арахьа а ларамца шайн цIерш йохуш болу мукъаман говзанчаш: Iумар, СаIид,Iела ДимаевгIар, Шахбулатов Iаднан, Бексултанов Iумар, Паскаев Рамзан, Усманов Iимран, Даудов Рамзан, Cугаипов Iумар, кхиберш?…

             Ваьшна баккъалла а къоман музыкан искусство цунна охIла боцчу наха йохорах ларъян а, гондIарчу къаьмнийн санна, де-дийне кхиа а лаахь, мокхазан лам хIотто беза къоман музыкан кха тIехь ца догIу сом даккха ара мел ваьллачу «ремесленникана» дуьхьал. Карладоккхуш, юха дендан деза къоман культуран кхиарехь вайна юкъахь Советан заманахь лелла самодеятельни, профессиональни шиъ тIегIа. Кхоччуш юкъара дIадаккха деза къоман гIиллакх-оьздангаллин а, поэзин а лехамашна жоп луш йоцчу байташна тIехь иллеш, эшарш яхар хьан-хьанна а магийтар. Дешнийн дикалла ца яйъийта, мукъам а – цунна охIла болчу композиторшка язбайта беза.

           Оцу балхана, доллучул хьалха, кхолла езар ю ша дIахьочу кхеташонашкахь вайн культуран министра Х-Б.Б. Даавс, хилаза ца йолу аьлла, мосазза а билгалъяьхна йолу: поэт – композитор – илланча – звенош.

           …ТIехь лаьттачу халонашка а, заманан чолхалле а хьаьжжина, шаьш кхиаре сатесна, республикан куьйгалло шайн гIо-накъосталла лаьцча, шаьш массо лакхе яьккхина девлла моьттуш, сиха кура бовлурш а нисло вайн иллиалархошна, йишлакхархошна юкъахь. Жима-воккха ца лоруш, кхиъна я кхиаза волчун чот ца еш, чохь, арахь – ловзаргахь, синкъерамехь шайна хIуъа могуьйтуш, дIабуьйлало уьш. Иштта чохь, уьш меттабало я сама бахаранIалашонца, доьхкуш ду шуна цхьаболчу артисташна цхьана ханна профессиональни сцени тIехь а, къоман радио, теле эфирехь а юкъабовлар. Уггаре хьалха шен сица культура хила еза, культурехь къахьега араваьллачун.

             Ойла ейша, хьан, муха, я муьлхачу гIиллакхах ду аьлла, къобалдина тIеоьцур дара, гIиллакхах воьхначу кIанта олу илли? Иштта, мах боцуш дIайов, гIиллакх-оьздангаллин барам ца бевзачу йоIа локху йиш а.

             Кхузахь масаллина дало лаьа, кIеззиг хан хьалха Мехкан цхьана дикане дахан чохь тхайца лелларг. Махкал арахьа а шайн яккха цIе йолу къонахий Берсанов Хожа-Ахьмад, Рашидов Шаид, Азаев Хьамид, Усманов Iимран хьалха а болуш, схьадогIу тхо. Цига кхайкхина нах дIатарбан хIиттийначу гIенташкахь садаIа хевшина Iа илли ала а, хелхарш дан а кхайкхина, ярташкара балийна кегийрхой. Мел дукха а 22 – 25 шо бен хир дац царех воккхачун. Ткъа тхох гуттар жиманиг – 55 шарера ваьлла хир ву я церан дайн хенара. ТIедогIу тхо гуш, тергалдеш, гIиллакхана а, меттах ца хьовш, Iад Iа уьш…  Хаза, тайна дийкира илли олучу хенахь церан аьзнаш, маьIне, товш дара деш долу хелхарш а. Амма, уьш тхан а, оцу дикане баьхкинчу дуккха кхечу нехан а дегнашка ца кхечира. ХIунда аьлча, тхуна гуш, кхеташ дара и илли олуш берш а, хелхарш деш берш а муха, хIун я мел нохчийн нах бу.

            Цундела даггара а, доккхачу жоьпаллица вовшахтоьхна а, шен массо агIо, са буьстина, бакъонан терзан тIехь оьзна, дIахIоттийна а хила деза нохчийн къоман культура кхиорна тIехьажийна деш долу муьлхха а гIуллакх. Иштта ду Мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а, республикан культуран министра Дааев Буарин Хож-Баудис а тахана вайна, культуран белхахошна хьалха хIиттийна декхарш. Я вайгара культура оьшу боху, къоман музыкан культура кхиарна а.

                                                                                                                                        Абу Уциев,
НР-н культуран министерствон
экспертни Кхеташонан декъашхо,
яздархо, литературан критик